ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьаькаман амалш шашах гойту ГIалгIайчоьнан куьйгалхоша


Шайн хьаькамаллин башхаллаш шатайпа гайтина деношкахь ГIалгIайчоьнан шина куьйгалхочо махкахошна.

ПIераскана, балхахь йоьдуш кхеташо а йолуш, шена вон хилла аьлла, дарбан цIийне телефон тоьхна мехкан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека. 8 минот яьлча схьакхаьчна медикаш, аьлла цаьрга, ша могуш-маьрша ву, уьш зуьйш вара!

Медйишин Денца декъал а бина, сиха орца кхачорна баркалла а аьлла, д1абахийтина лоьраш.

Толаман дийнахь Несарахь, цхьана урамехь авари а хилла, ремонт ечу юкъанна 400 хIусамера газ дIалакъо дезна коммуналхойн. Газ йоцуш бисинчу бахархойн декъа ша а вуьгуш, маьршша шен хIусаме кхочуш хилла газ дIалакъаяйтинна ханна Несаран мэро Тумгоев Iалихана а.

«Со кхета бахархойх, газ йоцуш хала ду. Амма дан хIума дац, иккхинчохь биргIа тояллалц, юкъара газ ца лакъийча ца йолу. Оха дерриг а дийр ду иза сихха схьахириг», - аьлла Тумгоевс гIалин бахархошка, церан газ хуьлуш ца хилча, деха ца дуьйццуш, шен чуйогIург а сацош.

К1ира ду несархой а, шен лаамехь Тумгоев а цIахь газ йоцуш беха. Кхин а массех дийнахь хир яц ягориг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG