ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Интерпол: кибератака чIагIлур ю оршоьтадийнахь


smartphone mobile virus
smartphone mobile virus

Европолан директоро Уэйнрайт Роба хаамбарехь, оршоьтан Iуьйранна юха а чIагIъяла тарло деношкахь яьржина лела кибератака, боху Рейтер агенталло.

«Вирус лаьцначийн терахь десташ ду, оршоьтан Iуьйранна шайн бахлха баьхкина, компьютер хьалалатийча, вирус лоцург кхин а совбевр бу», аьлла Уэйнрайта ITV телевизионехула.

WanaCrypt0r 2.0 ц1е йолу вирус яржош хьийза хакерш. Вирусо компьютер чуьра файлаш, еша а ца луш, шен шифре йоху юьхьанца, тIаккха ахча доьху дешифратор оьцург. Масална ала, иштта 50 дарбан цIа лаьцна Британехь вирусо. 150 махкахь 200 эзар компьютер ю талхийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG