ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тиллерсон: Цкъачунна тоялуш яц Оьрсийчоьнца юкъаметтигаш


Оьрсийчоьнан-Iамеркан юкъаметтигаш яц Вашингтонна а, дуьненна а товчу хьолехь, амма цкъачунна уьш денъялуш а яц, аьлла Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретара Тиллерсон Рекса.

«Хетарехь, дукхахболучарна го, уьш дуьне резадеш йоцийла. Билггал го уьш оццул ледарчу хьолехь хилар пайде доцийла вайна, Iамеркахошна. Нисдалур дуй хьал? - хьовсур-кх», аьлла Тиллерсона NBC телеканална интервью луш.

Юха а, ша тешна ву Оьрсийчоь 2016-чу шеран Штаташкарчу харжамашна юкъагIиртина хиларх, боху цо. «Хетарехь, оьшу вайна оцу юкъаметтигашка шуьйррачу контекстехь хьовса. Дуккха а ю терго тIеерзо езаш агIонаш, нагахь санна Iамеркан кхерамзаллина оьшiучу хьесапехь вай царна тIедерзахь», бохура Тиллерсона.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG