ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь гейшна тIехь гIелояр бакъ ца до Iедало


Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сайта тIехь бинчу хаамашца, махкаххь гомосексуалисташна тIехь латтош гIело ю аьлла, цхьана а кепара аьрзнаш ца кхаьчна ницкъаллийн структурийн декъашка. "Оцу хьокъехь зорбанашкахь гейш бойуш бу, царна тIехь зуламаш латтош ду боху информаци яьржинчул тIаьхьа, ас вовшахтоьхначу талламан тобанна ца карийна и хаам бух болуш.

Талламан комитете и бакъ цахилар тIечIагIдеш материалаш хьовсийна оха. Цара шайн сацам бинчул тIаьхьа, кхеле арз дан дагахь ду тхо", аьлла Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министро Алханов Руслана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG