ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евкуров кхеле воьху бакъонашларъярхоша


Журналисташна динчу тIелатаран хьокъехь ГIалгIайчоьнан президенте Евкуров Юнус-Беке барт - хаттам баре сатуьйсу бакъонашларъярхоша.

Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанехь дахначу шарахь иккхинера и инцидент. Бевзашбоцу туьтмIаьжгашца болчу наха журналисташ а, бакъонашларъярхой а тIехь болчу автобусна тIелатар а дина, йиттинера чохь хиллачарна.

Регионерчу Талламан комитете кехат кхаьчна, Евкуров левар доьхуш. Кехат тIехь билгалдаьккхина, СПЧ-н декъашхошца хиллачу цхьанакхетарехь ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо къадийра тIелатар динарш муьлш бу хаьа аьлла, яздо Коммерсанто.

Журналистийн адвокаташ тешна бу, Евкуровгахь дуккха а мехал информаци ю аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG