ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Беттанашкахь сецийна алапа дIакхачийна белхалочунна


Соьлжа-ГIаларчу Старопромыслан кIоштарчу прокуратурано талламаш бина, меттигерчу цхьана организацино кхачо йоллуш алапа дIа ца кхачийна шена аьлла, вахархочо Ахмаров Зубайрас динчу аьрзан хьокъехь. Ахмаровс даредарца, 5 баттана догIу 164 эзар сом алапа сацийна цуьнан "АРС-888" организацино.

КIоштан прокуратурано кхеле хьажийнера вахархочун арз, декхар дIадалар тIедожош организацина. Ахмаров бакъ хилар тергоне а эцна, тIехь дисина алапа дIадалийтина кхело.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG