Шинарийдийнахь Iамеркан президентца Трамп Доналдца хиндолчу цхьанакхетарехь Туркойчоьнан президент ЭрдохIан Реджеп лерина ву Шемара курдойн гIаттамхошна герз латтор сацаде ала. Хонкарна хетарехь, курдойн Туркойчуьрчу тобанашца зIе ю Шемарчу курдойн. КIайчу ЦIийнехь хир ду шина президентан цхьанакхетар.
Шемарчу конфликте а, кхечу хеттаршца а болу хьажам бIостанехьа бу шина лидеран.
Иштта дуьйцу зорбанаша, Гюлен ФетхуллахIан экстрадици ярfх а къамел дан дагахь ву ЭрдохIан Трмпца.