ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лакхарчу кхело кавхазхой бехкалара ца бовлуьйту


Москохарчу "Киргизия" кинотеартехь теракт кечдеш хилла аьлла, бехкебина латточу 15 стагах Лакхарчу кхеле чуелла апелляци, жоп доцуш йитина.

Байначу баттахь "Кавказан узел" агенталло яздира, Дагестанера а, Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а, ГIалмакхчуьра 15 вахархочунна 11 шарера 13 шаре кхаччалц хенаш тоьхна аьлла. Шайн бехкхилар тIе ца дитира царех цхьаммо а.

Охан-Беттан 17-чу дийнахь талораш кечдеш хилла аьлла Iедало лецна латто 15 стаг политикан тутмакхаш хилар тIечIагIдира «Мемориал» центро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG