ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евроберто хIирийн президент декъалвар ца тайна гуьржашна


Тбилиси реза яц Евробертан векало Къилба ХIирин президент Бибилов Анатолий декъалварна. Оцу хьокъехь Евробертан Гуьржийчуьра посол Херман Янош кхаарийдийнахь пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министралле кхайкхина вара, яздо Тбилисин хьосташа.

Кавказерчу кхерамзаллех рогIера Женеван дийцарш дIадахьарх дискусси ян гулбеллера дуьненчуьра юкъарлончаш. ХIирийн официалан зорбанаша бечу хаамашца, Евробертан леринчу векало Зальберг Герберта декъалвина Къилба ХIирин президент харжамашкахь толам баккхарца.

ГIуьржийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министран гIовсан Дондуа Давидан цхьанакхетар хилла Херманца. Зальберга президент декъалвар "ца кхеташ, тIеэца йиш йоцург" ду аьлла Дондуас.

Гуьржийчоьнан дипломата бахарехь, Тбилисино Евробертаца уьйраш латтайо, цундела дегайовхо ю "Брюссело тидам боцуш дуьтург цахиларх Зальберга президент декъалвар".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG