ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь гIело латточарна орцахбевлла бакъонашларъярхой


Кхаарийдийнахь гомофобица къийсам латточу дуьненаюкъарчу дийнахь Донбассерчу а, Нохчийчуьрчу а ЛГБТ-ца солидаралле дуй хоуьйтуш кампани йолийна Антидискриминацин "Мемориал" центро а, адамийн маршонан центро а, Дуьненаюкъарчу адамийн бакъонийн боламо а (FIDH). Бакъонашларъярхоша шайх дIакхета кхойкху адамийн бакъонаш мехал мел хетарг.

"ТIаьххьарчу заманчохь Нохчийчохь адамашна тIехь ницкъ беш хилар, дискиминаци лелор шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь дийца даьккхина, тоьшаллаш далош дуьйцу Iазап даллор, нуьцкъала дерг лелор, кхел йоцуш нах тIепаза байар, къайленехь латтош набахтеш хилар, оцу набахтешкахь адам хьийзош хилар а", дIахьедо Антидискриминацин центро "Мемориало".

Акцин декъашхошка доьху Нохчийчохь хьийзочу ЛБГТ юкъараллан декъашхойн дог эцархьама кампанин логотип шайн суьрташтIе я видеокхаам тIе а хIоттош дахкийтар.

Кампанин акци къобалъеш, тIеэцна яздархочо Литтелл Джонатана а, актрисано Биркин Джейна а, Европарламентан депутаташа а.

Оцу юкъанна, бакъонашларъярхоша билгалдоккху, "Нохчийчоьнан Iедало репрессеш хилар а бакъ дац боху, регионехь ЛБГТ-н декъашхой хилар а кхоьллина харцо ю" аьлла, бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG