Оьрсийн политик, оппозиционер Немцов Борис веран хьокъехь кхаарийдийнахь дIаяьхьначу кхелан кхеташонехь Веерная урамерчу цIийна хьалха яьккхинчу видеон доллу дакъа гайтина.
Немцов верна бехкевеш, чохь латточу Дадаев Заура дIахьедира, кхеташо йолалуш, Мухудиновс ша балха эцна цахиларх.
Кхело гойтучу видео тIехь гучуволу Геремеев, Дадаев, Мухудинов. Талламчаша чIагIдарехь, Геремеев зулам вовшахтоьхнарг хилар дага а доуьйтуш, прокурора Семененкос хаьттина Дадаевга, хIун гергарло дара Мухудиновца цуьнан, аьлла.
"Шуьга хаьттича ву иза тхан тоба вовшахтоьхнарг, суна гергахь, цхьа кIезиг вевзаш, машенлелорхо ву Геремеев. И вац цкъа а кара герз эцна а, я тIеман декхарш кхочушдина а. 5-6 эзар сом дара цунна луш, машен йила а, цу чу бензин дотта а, хIума кхалла а. ХIетахь цуьнан 25-26 шо бен хан а яц, тIеман эпсар хиллачу суна болх муха лур бу цо", аьлла Дадаевс.
Иштта кхело дуьхьало йина видео-конференц-зIенехула Немцовн гIоьнча Шорина Ольга леян а. Ша Немцовца болхбеш хилла хиларх а, цуьнан дуккха а мостагIий хилла хиларх а Шоринас хьалхо хиллачу къамелехь дийцина, кхи совнах цуьнга хатта хIуммаъ а дац, политик вуьйш цунна гина цахиларна аьлла, ерзийна кхел суьдхочо.