ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинан президент кхеле велла


Оьрсийн цхьа могIа сайташ а, социалан машанаш а дIакъовларна Украинан президент Лукашенко Петр кхеле велла оцу пачхьалкхерачу бакъонашларъярхочо, юриста Лихачев Романа.

Фейсбукерчу шен агIонтIехь яздина Лихачевс президенто хIоттийна блок къилба Корейхь политикехь лелочуьнца а дустуш, "низамашца догIуш доцуш, адамийн бакъонаш хьашар" а, адамийн маршонна догIа тохар а ду аьлла.

Кху дношкахь дуьненаюкъарчу Human Rights Watch бакъонашларъяран организацино Украинан президентна тIедожийнера оьрсийн интернет-ресурсашна ша хIоттийна блок дIаяккхар а, адамийн дешан маьршо ца хьешар а.

Дахначу шинарийдийнахь Украинан президента дIаяхйина Оьрсийчоьнна тоьхна санкцеш, шайн махка бахкар дихкиначеран тептар кхи а шордеш. Оцу юкъа яхана "ВКонтакте", "Одноклассники" социалан машанаш а, "Яндекс", Mail.Ru Group сервисаш а, РБК-н сайт а.

Порошенкос бахарехь, Оьрсийчоьнан пропагандан коьрта гIирсаш бу уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG