Туркойчоьнан президентан агIончашна бехкбиллина Iамеркан Iедалша, оцу юкъахь полисхойн векалш, Конгрессан цхьа могIа декъашхой а болуш, кхаарийдийнахь туркойн посолан резиденци хьалха протестна гулбеллачарна тIелатар дарна.
Туркойчоьнан куьйгалхочун Вашингтонехь Iамеркан президентца цхьанакхетар хиллачул тIаьхьа хилла и инцидент ЭрдохIанан дуьхьалончашна а, агIончашна а юкъахь.
Кеп-кепара чевнаш хилла оцу летаршкахь, шиъ лаьцна полисхойн декъе дIавигина.