73 шо хьалха йолаеллачу ГIирмин гIезалойн депортаци дагалоьцу еарийдийнахь Украинехь. Полисхоша го бина, цхьа а тIе ца вуьту хIора шарахь гIиргIазоша зезагаш дохкучу тIулганна, хаамбо Маршо Радион корреспонденто Наумлюк Антона.
Цо бахарехь, Симферополехь "техникан бахьанашца" юкъахъяьккхина ГIирмерчу гIезалойн Меджлисан лидерех волчу Чийгоз Ахтеманан гIуллакхан хьокъехь дIаяхьа лерина хилла кхелан кхеташо.
1944-чу шарахь ГIирмин ахгIайритIера Юккъерачу Азе хьажийна дуьххьара гIезалойх йоьттина эшелон. Кхаа дийнахь 180 эзар стаг махкара араваьккхина. Царлахь 30 эзар стаг миллий, мацаллий велла. Украинан йоллу территори тIехь хIора шарахь дагалоцу депортацин шо.
Ши шо хьалха Оьрсийчоьно ГIирмина анеккси йичхьана Кремло дихкина цу дийнахь ГIирмерчу гIиргIазойн жигархошна барамаш дIабахьа.