ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу Iедалан карара 40 стаг ваьккхина "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-зIено"


"Новая газетано" байначу баттахь дуьйна Нохчийчохь гейш бу хIаллакбеш аьлла, материал арахечхьана "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-зIе" юкъараллан гIоьнца махкара 40 стаг кIелхьара ваккха таро хилла. "Настоящее время" интернет- портале бина и хаам оцу юкъараллан куьйгалхочо Кочетков Игора.

Цо бахарехь, верриг а "Оьрсийчоьнан ЛБГТ-зIене" орца дехнарг ву 80 сов стаг.

"Царех 40 стагна оха гIо латтош ду, уьш Нохчийчуьра арабаьхна оха. 9 стеган аьтто бина оха Оьрсийчуьра арабовла а", аьлла Кочетковс.

Иштта билгалдаьккхина цо, Европан пачхьалкхашка дехьабовлуш халонаш царех Iиттаелла хилар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG