Гуьмса кIоштарчу кхело зуламан гIуллакх айдина 50 шо долчу меттигерчу яхархочунна дуьхьал. Талламчийн хаамашца, шех лаьцна маьттаза эладиттанаш даржорна, Гуьмсера шена евза зуда йолчу яхана, иза ен Iалашо а лаьцна.
Дов марсадаьллачу юкъанна, шегарчу дагарца масийттазза коьртах тоьхна чевнаш йина, кхетамчуьра яьллачул тIаьхьа, иза елла аьлла, едда зуламхо.
Шен хенахь лоьрийн гIо кхачарна ялаза яьлла важа зуда.