ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен махкахь совваьлла хьехархо Оьрсийчу дIавоьху


Нохчийчохь шолгIа тIом болабелча, Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаша шайн дола а даьккхина, цунах шайн хIусам а йина лаьттира Теркйист кIоштан Iелин-юьртара Дом культуры олу оьздаллин ЦIа.

Эскархоша кхин тIе а хIаллакйина, йохийна, бехйина тишьелла йогIучу цу гIишлонах буоберийн хIусам ян йолийна 17 шо хьалха. И сацам а бина, Iедало и берийн хIусам йогIа йолийчахьана дуьйна схьа 14 шарахь цуьнан директор лаьттина Юсупов Руслан.

Лаьттина цу кертахь мел бинчу, ницкъалчу, Iаьржачу белхашкахь, бIо ца къажош, дакъа а лоцуш. Ма –дарра аьлча, и гIишло йина а яьлла, буобераш схьа а далийна, бакълена а директор хилла, хьаькаман гIанта хаале Руслана кара ца ерзош корматалла йисна а яц: кибарчиг йиллархочунна тIера, сварщик, бешахо, пондарча, пилтанча, дизайнер…

Къилбаседа Кавказехь а тоьллачарех цхьаъ еш, берийн хIусам куьце ялийнарг а ву Юсупов Руслан".

Руслан вевзачу махкахоша даредарца, оцу буоберашна гIоьнна кхоьллинчу хIусаман цIе йинарг а, Римера Папа биста кхаччалц довзийтинарг а, ерриге Къилбаседа Кавказехь а тоьллачарех цхьаъ еш, иза куьце ялийнарг а Руслан ву боху.

Бакъду, мел даккхий гIуллакхаш цо динехь а, иза а хьалха ца ваьлла, Нохчийчохь пенсехь болу нах балхара бохош, Iедалдайша шайггара юкъабаьккхинчу боламах.

Аьхкенан тIаьххьарчу баттахь кхо шо ду иза пенсахо волу. Бераш кхетош-кхиоран болх,дийцарехь а доцуш,чуьра дуьйна бевзаш,цу балхахь вахчавелла Юсупов кху сохьта дIавоьхуш ву Идал хица Iуьллучу Самара гIала. Цига вахана хIун-мила ду хьажа ойла сецна а ву Руслан.

Руслан: "Цхьа ши бутт хьалха цхьа гулам-конференци яра Краснодарехь. И дIа а йирзина, тхо цIа дахка детталуш, цхьа накъост тIевеара суна. ТIекаренаш лелийначул тIаьхьа соьгара телпон ноьмар а яьккхира цо, шениг соьга а елира. Цу юкъа цхьа кIира долале оццу стага соьга Самара гIалара схьа зIе туьйхира, хьоьга дехар дан лаьара шена аьлла.

ЗIаьIапан берашна дарбанаш лелош дуьненаюкъарчу холдингехь ву ша болх беш боху. Царех цхьа берийн хIусам-хьукхамат цигахь а хуьлчух тера ду. Хьо балха вогIийла лаьара шайна боху. Москвахь дуьйна хьо дика а вийцанера шайна, «хIан-хIа» а ца бохуш реза хилахьара а бехи.

"Реза хилахь Iийр ву, цхьа хIума ца тахь ницкъала со цара сеца а вийр вац".

Цул тIаьхьа Гаврилов цIе йолчу церан хьаькамо а туьйхи телпо. Нохчийчохь бинчу балхана сайна динарг хуучу ас кочар баха а гIирти, эшахь хьехар дан вогIур ву а элира. Валлай тIаьхьара-м ца бовлу. Некъана ахча а доуьйту боху, бутт баккхахь а, цигахь меттиг а ю боху Iа. ХIинца вахана хьажа волу-кх. Реза хилахь Iийр ву, цхьа хIума ца тахь ницкъала со цара сеца а вийр вац".

Оьрсийчоьнан Самара гIала балха дIавехар хьокъехь къамел динарг вара историк-хьехархо, 2014-гIа шо тIекхаччалц тIемаша тIеIаткъам бинчу берашна гIоьнна кхоьллинчу приют олучу цIийнехь директор лаьттина Юсупов Руслан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG