ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Роспотребнадзоран" лоьраш балхара бохийна


"Роспотребнадзоран" урхаллана кхоъ медицинан белхахо даржах мукхаваккхар тIедожийна Нохчийчуьрчу прокуратурано. Талламаш бинчул тIаьхьа гучудаьлла, оцу кхааннан а леррина белхан корматалла цахилар.

Прокуратуран белхахошна къаьстина Хажаева Айзанан а, Чагаева ХIижанан а лакхара доьшийла чекхъяккхаран тоьшаллин кехат цахилар а, хIетте а лоьрийн даржашкахь болх беш хиллийла.

Сатыбаева Тоита санитаран лоьран гIоьнча хIоттийна хилла карахь цхьана а кепара сертификат а доцуш.

Оцу бахьанашца балхара мукъабаьхна лакхахь цIераш яьхнарш а, иштта "Роспотребнадзоран" кхи а ши лор а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG