ТIекхочийла долу линкаш

Москхора юха карладаьккхина Волконскийн шира цIа хетарехь Оьрсийчоьнан президентан хиллачу хIусамненаца Путина Людмилица йозучу "Адамашна юкъара зIенаш кхиоран центр" аьллачу фондан долахь ду аьлла хаамбо пIераскандийнахь Reuters агенталло.

Церан хьосташа бахарехь, оцу гIишлочуьра ах хIусам дIалаьцна ВТБ оьрсийн банко, долахочунна шарахь 2 миллион доллар а луш. И ахча "Меридиан" компанин чоьте доккхуш ду, царех 99 процент "Интерьерсервис" фирмин ду.

Бинчу талламашца билгалдаьлла, 2014-чу шарахь дуьйна оцу цIийнан долахо Шкребнева Людмила Александровна хилар. И цIе лелийна Путина Людмилас Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире маре яхале хьалха.

"Меридианан" кхи 1 процент Путин Владимиран доттагIчун Шестаков Василийн хиллачу хIусамнанна кхочу, яздо Reuters.

Иштта агенталло хоуьйту, президентца къастале хьалха Волконскийн хиллачу цIийнехь белхаш муха дIахьо тергоеш хилла Путина Людмила бохуш.

XS
SM
MD
LG