ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Социалан машанашкахь само латто дагахь ю "Росгварди"


Росгвардин тIемалошна IT говзанчийн корматалла (информацин технологешца болх бийриг) караерзорхьама, Iамораш доло дагахь ду шаьш аьлла, хаийтина Росгвардин куьйгалхочун хьалхарчу гIовса Меликов Сергейс.

Цо бахарехь, оцу специалисташа социалан машанашкахь мониторинг йийр ю. Пермерчу тIеман институтехь таро ю и керла говзалла караерзо аьлла Меликовс.

Оцу говзанчийн балхо аьтто бийр бу Ноьвр-кIоштахь йолчу Росгвардин 141- чу полкана дина тIелатар санна долу дуккха а зуламаш юхатоха аьлла, билгалдаьккхина Росгвардин куьйгалло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG