ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIажарийчоьнан президент билгалвьалла


ГIажарийчоьнан президентан харжамашкахь толам баьккхина, шолгIачу ханна висина Роухани Хьасан. 68 шо долчу президентна кхаьжнаш тесна 58 процент бахархоша. Пачхьалкхан чоьхьарчу министраллан векало Iорабаьккхина и хаам. Роуханица дарж къовсучу консерваторна, прокурор лаьттинчу Раиси ЭбрахIимна 15 миллион бахархоша деллера шайн кхаьжнаш.

Вукху шинна цхьацца миллион ца кхоччуш бахархоша тесна кхаьжнаш.

ГIажарийчоьнан президент хоржуш дакъалаьцна 40 миллион сов харжамхоша.

2013-чу шарахь дуьххьара хаьржира Роухани пачхьалкхан урхалле.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG