ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эзар сов оьрсашна дихкина Украине бахкар


Аннекси йинчу ГIирмехь хиллачу 40 Оьрсийчоьнан артистна официалехь дихкина Киево шайн пачхьалкха бахкар аьлла, дуьйцу шоьтадийнахь "Интерфакс-Украина" агенталло дозанхойн урхаллан куьйгалхочунна Назаренко Викторна тIе а тевжаш.

Цо чIагIдира, оцу артистийн тептар ницкъаллин структурийн, "шайн пачхьалкхах дог лозучу бахархойн" гIоьнца хIоттийна хиларх. Ю цу тIехь Милявская Лолита а, Самойлова Юлия а, Королева Наташа а.

Бехкам кхаа шарна бина хиларх а, оцу тептарехь 5,5 миллион кхечу мехкийн бахархой хилар а хаийтина Назаренкос. Эзар сов Оьрсийчоьнан бахархой а бу оцу доккхачу терахьашца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG