Iамеркан президент хIоьттичхьана дуьххьара белхан хьокъехь пачхьалкхашца уьйраш карла а йохуш, СаIуда Iаьрбийчу веана Трамп Доналд. Цул тIаьхьа Израиле, Ватикане, Белги а кхача Iалашо ю Трампан. Иштта оцу араваларх, Сицилехь дIахьонйолчу G7 саммитехь дакъалаца а декхаре ву президент.
Обама Барак урхаллехь волчу заманчохь СаIуда Iаьрбийчоьнца галъевлла юкъаметтигаш юха денъян дагахь ву Iамеркан президент.
Иштта Брюсселехь НАТО-н юкъа йогIучу пачхьалкхийн лидершца а хир ду Трампан цхьанакхетар.