ТIекхочийла долу линкаш

Венерчу нохчийн, гIалгIайн Кхеташоно хьеший кхайкхинера кхерча, шайна юккъехь цу гIалахь бехаш болу вайнах а, австрийхой а болуш.

Австрин коьртачу шахьаран 20-чу кIоштахь Iуьллучу Денисгассе цIе йолчу урамехь вуьшта башха гIовгIане а шовкъе дахар ца хаало. Нохчашлахь уггаре а шуьйра евзаш, езаш йолу Венера ХIанновермаркт базарна, я вайн махкахоша ма-аллара, Егерера базарна уллерчу цу урамехь туш тоьхначу нохчийн, гIалгIайн Кхеташоно шен кхерчахь „Йиллинчу неIарийн де“ аьлла Iийда кхайкхийнера.

Кхерчана чоьхьа дIахьош Нохчийчоьнан исторех а, нохчийн Iадатех а дуьйцу презентаци яра, видеогайтамашца цхьаьнаялош а йолуш, нохчийн, немцойн меттанашкахь.

Кхерч кечйинера ДегIаста гойтучу суьрташца, шаннашкахь хIиттийнера Венехь бехачу нохчийн зударша кечбина болу къоман кхачанаш – цхьа вайнеха цхьаьнакхетарш шаьш доцуш хила а йиш юй-те аьлла хетачу чIепалг-хингална тIера бIарашна а, йоьхьашна а тIекхаччалц.

Нохчийн, гIалгIайн Кхеташо Венехь кхоьллина ши шо ду. Харжамийн орган санна ша шена цу цхьаьнакхетараллина – Нохчийчуьрчу хIора а кIоштан цIарах векалш бу цу юккъехь, царел совнаха иштта ГIалгIайчоьнан векалш а.

Кхеташонан куьйгалхо Мусалатов Шайхи ву, Венерчу нохчашлахь шуьйра вевзаш волу юкъараллин жигархо. Маршо Радиоца шен хиллачу къамелехь Шайхис дийцира, ша куьйгалла дечу цхьаьнакхетаралло схьайиллинчу неIарийн де цIе йолу хьалчагI гулдаран бахьнехь лаьцна.

Мусалатов: "Дуьххьарлераниг Iалашо – иза вай кхузахь довзийта а, вайн култура а, Iадаташ а, вайн архитектура а дIагайта а лаар дара. Вайн хаза гIиллакхаш а, оьзденгалла а дIагайта лаар а дара. Зудчуьнца вайн къомалахь хилла болу ларам дIагайта лаар а дара. Магистратера а, полисхойн декъера а баьхкина хьеший а, хьаькамаш а бара, вуно хазхеташ баьхкина.

Хаамийн гIирсашкахь вайх къомах лаьцна кхолладелла долу и негативе сурт вай ма-дарра кхузахь девзича дIадер дацара-те аьлла сатийсам болуш вовшахтоьхнера оха хIара суьйре".

Нохчийн, гIалгIайн Кхеташоно шота буса шен кхерчахь хьеший гулбар цхьана агIор и кхерч шуьйрачу гонашна, вайнахана хилла а ца Iаш, тайп-тайпанчу Австрерчу Iедалан хьукматашна а, меттигерчу юкъараллин векалшна а дIайовзийта лаамца а, ткъа вукху агIор шаьш беш болу болх вайнахалахь а баржон лаамца а доьзна дар.

Ткъа хIун кепара болх бу Кхеташоно беш берг? Цу хаттарна жоп ло Кхеташонан куьйгалхочо Мусалатов Шайхис.

Мусалатов: "Коьртачу декъехь вайн къомалахь долу, вайн юккъера хIумнаш хуьлу оха толлуш. Аьр вай, масала, доьзалера барт. ХIусамда а, хIусамнана а барт ийгIина белахь, вовшашца ца тарлуш, цигахь хьовсу тхо церан барт бо агIо карон. Цул совнаха, вайн махкахошкахь тоъал информаци ца хилар бахьана долуш хийла проблемаш кхоллало.

Ткъа вайн къомах дуккъах социалан белхахой ма бу тайп-тайпанчу меттигашкахь нахаца белхаш беш. Царна тIе адам хьовсон гIерта тхо, цара хаза дика консультаци йо дена, вуно чIогIа гIо а до дена. Иштта Iедалца а белхаш бо оха, вайн махкахошна ма-хуьллу дика интеграци еш муха стенна тIехь гIо хир дара олий. Дикка кхиамаш а бу тхан цу тIехь".

Нохчийн, гIалгIайн Кхеташонехь схьайиллинчу неIарийн де цIе йолу даздарш гена суьйренга девлира. Хьешашна немцойн, нохчийн, италхойн меттанашкахь арахецна долу вайнехан туьйранаш тIехь долу киншкаш йийкъира совгIатна суьйре вовшахтоьхначара.

Ткъа шаьш хьеший, ширачу нохчийн Iадатехь ма-хиллара, кхачанца бузош, дийцаршца самукъадоккхуш тIеэцна болу, гарехь, вуно токх хилла дIасабирзира нохчашца шайн хиллачу цхьаьнакхетарх а, шаьшна цигахь динчу хьошаллех а.

XS
SM
MD
LG