ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОвхIанистанан вице-президент Дустум къайлаваьлла


ОвхIанистанан вице-президет, генерал Дустум Iабдул Рашид пачхьалкхара дIавахана. Дустуман прессаца зIенаш латточу гIоьнчано Хамош Ясина бахарехь, иза Туркойчу шена дарба лаха вахана ву.

ТIаьхьо Дустуман партин цIарах депутат волчу Таянж Джанбиш-Башид Ахьмада дIахьедира, Дустум къайлаваьлла цахилар а, шен могашалла меттахIоттийначул тIаьхьа юха вогIург хиларх а. Цхьана а кепара Дустуман могашаллех информаци Iорайоккхуш яц.

Джуздан провинцин хиллачу губернаторо Ишчи Ахьмада Iедале бинчу латкъаман хьокъехь, стохка ОвхIанистанан Iедало талламаш болийнера. Дустуман агIончаша лачкъийна, дIа а вигина, шена тIехь ницкъбарх арз динера Ишчис.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG