ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан чемпионатехь толамаш баьхна Кавказерчу латархоша


Европан чемпионатан латаршкахь толамаш баьхна Дагестанан а, ГIалгIайчоьнан а, ГIебарта-Балкхаройчоьнан а, Нохчийчоьнан а спортсменаша.

Белградехь 16 шо кхаччалц болчу кхиазхошлахь дIадаьхьначу латаршкахь дакъалецира 22 махкарчу 217 спортхочо.

ГIебарта-Балкхаройчуьра Темботов Ахмедхан тоьлла 85 кила болчу латархошлахь яздо "Кабардино-Балкария" агенталло.

32 кила болчарлахь хьалхе яьккхина Нохчийчьрчу Тулаев Жабраила, яздо "Нохчийчоь тахана" хаамийн гIирсо.

Иштта дашо мидалш яьхна sports.ru порталан информацица, Дагестанерчу Зайнулабидов Iимрана а, Абдулаев Арипа а, Зингаров Мурадхана а, Джангишиев Мохьмадхьабиба а.

ГIалгIайчуьра Ханиев Мохьмад-ТIахIир а ву тоьллачарех яздо "ГIалгIайчоь" интернет-газетано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG