ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сочехь Исламан центр схьайиллина


Исламан културан центр схьайиллина Сочехь. Центран куьйгалла тешна ю, къаьмнийн юкъаметтигаш шоръеш, динашца барт латтош, оьздангаллин ламасташ юхадендеш шайн юкъаралла пайде хирг хиларх. Адыгийн, Краснодара кIоштан а муфтийс Карданов Аскарбийс "Кху кепарчу центраша тхан регионехь паргIато, синтем латтор бу" аьлла.

Эзар стаг чухоьу хIусам йина бусулбанаша вовшахтоьхначу ахчанах. Зударшна а, божаршна а лерина ламазан чоьнаш ю цу чохь, Исламан Iилма довза луучунна схьайиллина классаш ю. "Кавказ.Реалии" портале Адыгейрчу Мафахабл эвлан имама Хьасани Мухьаммада дийцарехь, хIинццалц Сочехь бусулбанашна ламаз дан меттиг бацара. Центрехь болх беш хир бу Динан урхаллан имамаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG