ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу яхархочо дехар дина Путин Владимире


Шемахь ехачу Оьрсичоьнан яхархочо Стас Тамарас дехар дина президенте Путин Владимире шен кIантана Арсанук Аназорана депортаци ма яхьара аьлла.

Шен дай баьхначу Адыгейн пачхьалкхан университет чекхъяьккхина, диплом схьаэцна кIанта дукха хан йоццуш.

"Оьрсийчохь 6 шарахь студентийн визаца вехаш вара сан кIант. Оцу юкъанна, со Оьрсийчоьнан яхархо хиларе терра, сан кIантана я мухIажаран бакъо а, я ханна тховкIело а ца елла" бохуш, яздо шен кехата тIехь Стаса.

Миграцин белхахоша лелорийг низамашца а, бакъонца а догIуш дац аьлла тешна ю кIентан нана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG