ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIеман грантийн метта шен бертахошна кредиташ дала дагахь ю Iамерка


Iамеркан президентан Трамп Доналдан администраци дагахь ю шен бертахошна хIора шарахь Цхьаьнатоьхначу Штаташа шайн тIеман техника эца лучу цхьайолчу грантийн метта юхалург ахча дала. Цунах лаьцна хаам бина Вашингтонерчу Iедалан векалша.

И хийцамаш гуш хир бу шинарин дийнахь администрацино йовзуьйтур йолчу тIейогIучу бюджетан проектехь.

И керла кеп хьакхалур йолчу пачхьалкхашна юкъахь ю Пакистан, Тунис, Ливан, Украина, Колумбия, Филиппинаш, ткъа иштта Вьетнам.

Iамерко дIасайоькъучу тIеман гранташна хьажош ду хIораш шарахь 6 миллиард доллар. Цунах 3 миллиард луш Iедал ду Израилна, Мисарна – 1 миллиард ах миллиард, Урданана – 350 миллион.

Цу пачхьалкхашна лур йолу гранташ юьсур ю 2018-чу шараy бюджетан проектехь хьалха санна. Оццу хенахь Пакистанна луш йолу грант лахйийр ю ах сов – 265 миллион тIера 100 миллионе кхаччалц.

КIайчу ЦIанан цу планан Конгрессерчу а, Пачхьалкхан департаментерчу а критикашна хетарехь, грантийн метта кредиташ даларо кхин некъ буьтур бац Iамеркан бертахошна жигара тIеман техника юхкучу Оьрсийчоьне а, Китайга а гIо дехар а бен.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG