ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчохь 5 шо хан тоьхна Оьрсийчоьнан тIеман кеманан пилот вийначу тIемалойн хьалханчана


Туркойчохь 5 шо хан тоьхна 2015-чу шарахь Оьрсийчоьнан тIеман кеманхо вийначу тIемалойн тобан коьртехь хиллачу Челик Алпарсланна. Цу стага шена тIеэцнера туркойн кемано ракета тоьхна чудаийтинчу Оьрсийчоьнан кеманан пилот вер.

Hurriet туркойн газето бинчу хаамца, цу тайпа кхел йина Челикана бакъо йоцуш герз лелорна.

2015-чу шарахь Лахьан-беттан 24 дийнахь туркойн тIеман кемано чудаийтира Шемахь бомбанаш етташ хилла Оьрсиийчоьнан Су-24 олу кема. Цунна урхалла деш волу Пешков Олег вийра. Иза парашютаца чуиккхинера, амма стигалахь герз тоьхнера цунна.

Оьрсийчоьнан тIеман кема чудаийтар бахьана долуш юьйхира туркойн а, оьрсийн а юкъаметтигаш. Москохо санкеш кхайкхийра Туркойчоьнна дуьхьал, амма тIаьхьа уьш дIаехира, цхьаерш хIинца а йиснехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG