ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дебаш бу Кадыровн бахам


Кадыров Рамзанан шина бера 2016-чу шарахь даьккхинчу ахчанан барам стохка хиллачуьнца буьстича алсамбаьлла 50-зза. Иза гойтуш ю республикан куьйгалхочун администрацин сайта тIехь зорбане яьккхина деклараци.

Цу документца а догIуш, цIарца дуьйцуш доцучу Кадыровн шина беро хIораммо а даьккхина итт миллион сом. Стохка цхьаммо даьккхинарг 200 эзар сом бен дацара.

Кадыровс гайтина шен декларацехь ша 2016-чу шарахь 11,5 миллион сом даьккхина хилар. 2015-чу шарахь цо даьккхинера 6 миллион сом. Амма 2016-чу шарахь цуьнан хIсамнанас даьккхинчу ахчанан барам бу 2,1 миллион сом, 2015-чу шарахь хиллачул 700 эзар сом кIезиг.

Кадыровн 12 бер ду. Цуьнан йоккхаха йолу йоI директор ю, цуьнан хIусамнанас Кадырова Меднис кхоьллинчу Firdaws модан цIанан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG