ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германерчу нохчашна хаамаш бахьийтина кхерамаш туьйсуш


Нохчийн меттан де даздеш бу Германера нохчий.
Нохчийн меттан де даздеш бу Германера нохчий.

Германехь бехачу нохчашна видео яхьийтина, туьтмаьжг йоьхна карахь тапча йолчу стага кхерамаш туьйсуш йолу, ша "харц некъ лаьцна" зударий а, божарий а "нисбийр" бу бохуш. И видео дIасаяржийна нохчаша вовшашца юкъаметтиг латточу WhatsApp-каналашкахула, хаам бо "Медуза" интернет-портало.

- Кхузахь, Европехь, цхьаболчу зударша а, зударех тера болчу божарша а лелош дерг доккха хIумана ду, - боху видео тIехь волчу стага. Ша аьлча, цо хьехабо кхечу къаьмнех болчу божаршка маре оьхуш болу зударий.

«Медузан" хьасташа дийцарехь, видео тIехь верг ву 100 гергга стагах лаьттачу Берлинерчу тобан векал. Цу тобанна урхалла деш бу Нохчийчоьнан хьалхара президент хиллачу Дудаев ЖовхIарна уллехь лелла нах, яздо "Медузо". Цо бинчу хаамца, кху тIаьхьрчу кIиранашкахь цара йиттина лаххара а нохчийн шина йоIанна.

XS
SM
MD
LG