ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Манчестерехь теракт йинарг ву Iожалхо


Британи -- Йовхо ларйон телат хьарчийна лаьтта Manchester Arena-на уллехь ши зуда, цигахь эккхийтар динчул тIаьхьа. Стиг. 23, 2017.
Британи -- Йовхо ларйон телат хьарчийна лаьтта Manchester Arena-на уллехь ши зуда, цигахь эккхийтар динчул тIаьхьа. Стиг. 23, 2017.

Ингалсан махкахь Манчестерехь концертан аренехь эккхийтар динарг Iожалхо ву. Цо динчу зуламехь вийна 22 стаг, царна юкъахь бераш а ду. Чевнаш йина ву 59 стаг.

Эккхар хилла Iамеркан поп-седа Гранде Ариана концерт елла яьллачул тIаьхьа. Хьовсархой боьхна дIасахьевдда хилла кевнашка.

Цу кхерамерчу кIотара арабаьхна берриг нах. ЦIерпошташ лелар сацийна ду.

Британин премьер-министро Мэй Терезас кадам бина кхелхинчу нехан гергарчарга. Манчестерехь бохам хиларна Мэйс куьйгалла дечу Консерваторийн партино а, кхечу политикан партеш а сацийна харжамийн компани дIаяхьар.

Грандес концерт луш хилла Manchester Arena уггаре а йоккха чоь ю Европехь. Цунна чутарло 20 эзар сов стаг. Теракт хуьлуш иза ериг а юьзна хилла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG