ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Исламан пачхьалкх» тобано дихкина шен тIемалошна социалан машанаш лелор


«Исламан пачхьалкх» шех олучу экстремистийн тобано дихкина шен тIемалошна социалан машанех пайда эцар. Иза доьзна ду цу машанашкахула аьтто хиларца уьш болу меттиг билгалъяккха.

Хьалхо Евробертан полицин сервисо (Европол) хаам бинера, шайн идейш интернетехь яржор Iалашонца шен социалан маша кхуллуш ю «Исламан пачхьалкх» тоба аьлла.

Европолан говзанчаша таллам бина, интернетера дIаяьккхина ялх маттахь зорбане яьккхина 2 эзар сов экстремистийн чулацам болу материал.

2014-чу шарахь «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобано Шеман а, Иракъан а территори тIехь дIалецира цхьацца кIошташ. Карарчу хенахь цу тобанца къийсам дIахьош ду цу шина пачхьалкхан а, Iамерко куьйгалла дон дуьненаюкъарчу коалицин а эскарш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG