ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалара ши урам тобийр бу дешаран министраллан чоьтах


Соьлж-ГIалара Узуевн цIарах а, Ханкалан а ши урам тобеш ахча гулдан декхарелахь йина гIалара доьшийлаш, хаам бо Кавказ.Реалии сайто.

Цигахь белхаш бар долош хиларх лаьцна дIакхайкхийра Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кху беттан 8-чу дийнахь. Соьлж-ГIалара урамаш тодеш терго яр тIедиллина цо Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думан депутат волчу Делимханов Адамна.

Узуевн цIарах болу урам магистралан лоруш бу. Цо хутту Соьлж-ГIала ломарчу Шуьйтаца а, Итум-Кхаьллаца а, Ведучица а.

Кавказ.Реалиино дийцарехь, Нохчийн Республикан дешаран а, Iилманан а министралло и некъаш тодан гулдан дезаш ду 11 миллион сом.

Цу зорбанан гIирсан хьастано дийцарехь, «ясакх тIейиллина лаккхарчу доьшийлашна. Масала, хьехархойн институто некъ тобан кхоьллинчу фонде дала дезар ду 5 миллион сом. Лаккхарчу доьшийлийн ректорш гIоьртира Iедалца и хаттар дийцаре дан, амма уьш тергал цабина». Школаш а, техникумаш а евр яц цу гIуллакхах хьалха аьлла хета Кавказ.Реалиин хьастана.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыровс масуьйттоза харцбина бюджетан сферехь болх бечу нахера Iедалша ахчанаш доха боху хаамаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG