ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Киллер Лурахмаев «Валидол» дIахецна туркоша


Туркойчоьнан Iедалша дIахецна шаьш лаьцна латтош хилла криминалан «авторитет» Лурахмаев Валид ("Валидол" а олу цунах). И стаг дуненаюкъарчу лехамашкахь ву цхьамогIа пачхьалкхашкахь, шайна юкъахь Европера пачхьалкхаш а йолуш, нах байина аьлла, хаам бо «Росбалто». Цу агенталлехь болчу хаамца, Лурахмаев хIинцале дIавахана Туркойчура.

Лурахмаев лоьхуш ю масийтта пачхьалкх, шайна юкъахь Оьрсийчоь а, Франци а йолуш, хаам бо Кавказ.Реаллино. Амма туркоша ле ца вайтира иза цу шина пачхьалкхан векалшка. Масала, Францехь иза бехке веш ву "Саратовстройстекло" компанин долахо Ланин Михаил верна.

Лурахмаев лецира Истанбулехь 2016-чу шарахь Охан-баттахь, шеца Смирнов Александран цIарах кехаташ а долуш. Туркойн Iедалш шеко йолуш дара цу стага вийна хила мега "Кавказ-Центр» сайтан администратор Эдильгириев IабдулвахIид бохучунах.

Туркоша дIахецна и стаг билггал иза Лурахмаев Валид хиларан тоьшаллаш цакарийна шайна аьлла. "Росбалто" дийцарехь, карарчу хенахь иза Нохчийчохь хила мегаш ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG