ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров дуьхьал ву школа чекхъяккхарца боьзна синкъерамаш школашкахь дIабахьарна


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина школа чекхъяккхарца боьзна синкъерамаш школашкахь дIабахьарна дуьхьал ву ша аьлла, уьш кечбеш шайн ахчанаш гулдан деза бохуш дай-наноша латкъамаш барна. Цунах лаьцна хаам бина Кадыровн зорбанан сервисо, яздо ТАСС агенталло.

"Соьга сих-сиха хьалха шерашкахь дай-наноша латкъамаш бора шайн бераша школа чекхъяккхарца йоьзна суьйре вовшахтухуш тайп-тайпана ахчанаш доьху бохуш" - аьлла республикан куьйгалхочо.

Школа чекхъяккхарца йоьзна синкъераман суьйренаш даима а хир ю, боху Кадыровс. Амма, цунна хетарехь, уьш хила еза школан кертал арахьа.

-И суьйренаш дIаяхьарх лаьцна сацамаш бийр бу дай-нанойн комитеташа а, шаьш школа чекхъяьккхина бовлуш болчу дешархоша а, - даладо Кадыровн дешнаш цуьнан зорбанан сервисо.

Кадыровна хетарехь, цу тайпа мероприятеш дIаяхьа мегар ду меттигерчу кафешкахь а, ресторанашкахь а.

Кху шарахь Нохчийн Республикехь школа чекхйоккхуш ву 7 418 дешархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG