ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Telegram-хь шен канал схьадиллина Кадыровс


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дуьйцург хаа аьтто хир бу хIинца Ttlegram-хь. Instagram-хь а, ВКонтакте а, Twitter-хь а, Facebook-ехь а, Livejournal-ехь хилла ца Iаш цуьнан агIо хир ю хIинца цу социалан машанехь а. Цунах лаьцна Кадыровc хаам бина шен Instagram-хь.

Кхин а формалан йоьцучу кепехь шен ойланаш а, дахарехь шена зеделларг а довзийта кхоьллина ша Telegram-хь канал, боху республикан куьйгалхочо.

Хууш ма хиллара, цхьана Instagram-хь Кадыровн агIонтIе язвелла ву 2,7 миллион стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG