ТIекхочийла долу линкаш

Дешаран шо чекхдаьккхина, пачхьалкхан экзаменаш дIаяла кечамаш беш, цуьнах гIайгIа-бала хилла дешархой а, церан дай-наной Iачу юкъанна мехкан куьйгалхочо шинарийдийнахь дина дIахьедар шайгахьа ду-те я дац-те ойлаян цкъачунна кхуьуш бац я школан куьйгалхой а я берийн дай-наной а.

Дахначу шеран кхиамаш муха бара а хьожуш, пачхьалкхан экзаменашна школаш кийча хилар а толлуш дешаран, Iилманан министрца Байханов Исмаилца хиллачу цхьанакхетарехь Кадыров Рамзана дихкина кху шарахь дешархошна вовшца а, хьехархошца а къаьсташ тIаьххьара хIоттон ловзар школашкахь дIадахьа.

Дайша-наноша аьрзнаш кхачийна шега боху мехкан куьйгалхочо, оцу къастаран барамна лерина школано шайгара дIауьйзучу ахчанаша са кхачийна шайн аьлла.

ХIинццалц школан куьйгалло шена хеттарг лелийнехь а, тIейогIучу хенахь дуьйна дайн, наной комитеташа а, шаьш бераша а бийр бу къастам боху Кадыровс, стенгахь вовшахкхетар бу тIаьххьарчу дийнахь.

"Махкахь ехкина дуккха а ресторанаш ю, цигахь дIахьо тIаьххаьар суьйре"

Республикехь йиллина дуккха кафеш, ресторанаш ю боху цо, муьлхха а той юьхькIаме дIадахьа аьтто болуш, "тIаккха оьшур дац школашкахь даккхий ахчанаш".

Ткъа ницкъ кхочур буй-те берийн дайн-наной ресторанашкахь тойнаш хIитто?

Маршо Радионо шегара хаттам бира Соьлжа-ГIаларчу цхьа могIа тахана йийцаре юьйцучу ресторанийн долахошка, хIун мехаш ду хIиттийна тахана цара кечдечу даарийн? Цхьана денна банкетан хIусам лоцург хIун мах бу те аьлла.

"Парадиз", "Раяна", "Фирдаус", "Сафия", "Триумф" цIе йолу ресторанаш тахана къаьсттина еза лоурш, адам лаьттачех ю. Церан мехаш хаа таро хилира тхан. Масала, "Парадизехь" цхьана стагера 1800 сом догIу вуззалц хIума юург.

"Раянин" мехаш цигахьчул а жимма лахара дара, церан кхачанах кхетийла ду 1400 соьмера 1700 соьме кхаччалц ахча делча.

"Фирдаусан" ресторанехь цхьана денна церан садаIаран чоь лоцург 300 эзар сом дала деза, ткъа "Сафия" ресторане кхочийла дац могIарерчу нехан, цигахь 500 эзар сом бу дIахIоттийна мах.

Цул совнах, ламаст хилла даьржина школашкахь оцу дийнахь дешархоша 11 шарахь шайн Iуналла а, оьшучохь наналла а динчу хьехархошна совгIаташ дар.

Иштта хаъал зенаш хуьлу-те дайшна а, наношна оцу цхьана дийнахь аьлла хаьттира оха Нохчийчуьрчу цхьана ломан кIоштарчу школан хьехархочуьнга Малике.

ХIокху масийтта шерашкахь я Iаламан цхьана тогIичохь я 11 шарахь бераша дешна, цара шайн хIусам санна лоручу школехь хIиттийна шаьш элира цо тIаьххьарчу дийнан той.

"Шаьш нийсачу новкъа баьхначу хьехархошна совгIат дан догIу аьлла хета суна"

Кху шарахь а лаам бу церан берашна луъург дан.

Малика: "Школа чекхъяккхарца декъал а бо, цул тIаьхьа и официалан агIо дIаяьлча, Iаламе доьлху тхо пикнике. Берашца цхьана хьехархой а хуьлу, директор а, завуч а хуьлу цхьаьна. Берийн дола а до, Iуналла а до, церан самукъа а доккхий, синкъерам хIоттабой, нохчийн Iедалехь, дIадерзадо оха. Дайша, наноша щайн берашна хIуммаъ кхоа ца до, вайна ма-хаъара, цхьаннал аоьшуш хила ца лаьа шайн бер. Йоккха харж ца хуьлу царна.

Цкъа бен дахарехь догIуш де дац и. 11 шарахь шайн дола а деш, шаьш нийсачу новкъа баьхначу хьехархошна до бераша совгIат, царна и догIу аьлла суна а хета. Берашна луъург до оха хIора шарахь. Цара шайна ресторане даха ца лаьа олу".​

Соьлжа-ГIаларчу лоьмар 2 йолчу гимназин директорца Шишханова Любица а хилира тхан къамел. Цо а элира, берийн дайшна-наношна луъург лиина шена а, шен белхан коллективна а.

Шишханова: "Оцу тIаьххьарчу дийнахь бен и бераш массо а цхьаьна вовшах кхеташ а дац. 32 шо ду ас школехь болх бен.Суна хаьа и муха хуьлу. Масала, стохка, берийн дайша-наноша шайн карах ца долу, хала шо дара шайна хIара даханарг элира. "Дика ду, шуна хеттарг дийр ду" элира оха.

Эцца аттестаташ дIа а делла, дерзийтира оха. Кхушара шайна лаьа боху цара, берашна мархийн бутт дIабаьлча, къастаран суьйренан синкъерам хIотто. Яккхий харжаш ца йо цара. Ас юха а боху, дерриг а берийн, церан дай-наной лаамца деш ду оха".​

Стенгахь дIахьур ю дешархоша тIаьххьара къастаран суьйре? Мел ахча делча тоаме хир ду хьехархошна, дайн-нанойн кисана топ а ца кхеташ?

И хеттарш Нохчйичуьрчу дешаран министралле дала дагахь зIе хьовзийра Маршо Радионо.

Иштта, телефон, а лерехь, масех кабинет чухула чекх а дуьйлуш, жоьпе сатийсира оха.

Делахь а, мел дIасахьийзарх а, оцу хьокъехь комментарий яла компетенте специалист ца карийра тхуна цигахь.

Доцца дара тхан дистхилар.

Нохчийчуьрчу хьехархошна а, берашна хьалха и дийцарш тахана бен долийна дацахь а, шо хьалха, масала, Абхазерчу дешаран, Iилманан министралло низам тIеийцира школашкахь хьехархошна деза совгIаташ эцар а, шуьйра шаннаш хIиттор а доьхкуш.

Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думан кулуарашкахь а ялхийра и проблема ши шо хьалха. Ресторанашкахь, кафешкахь дешархойн тIаьххьара суьйре дIаяхьийта дуьхьалбевллера депутаташ а.

Тахана Нохчийчуьрчу Iедало ресторанашкахь хIоттабе боху дешнабевллачийн синкъерам.

Тидаме лаццал хIума а ма дац иза, аьлла хетар ду дукхаъчарна. ТIе ца кхуьург кхи ду, и ахча школехь охьа ца диллахь а, ресторанехь дилла дезаш ду.

Ткъа дуй-те бен дайшна а, наношна а, хьенна кисана и ахча кхачарх а: я школан хьехархойн, я ресторанан долахойн?

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG