ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIусамдас ницкъ беш хилла зуда яйна Нохчийчохь


Малика яйна лоруш ю 2016-чу шеран ГIадужу-баттахь дуьйна.
Малика яйна лоруш ю 2016-чу шеран ГIадужу-баттахь дуьйна.

Шен йоI лохуш накъосталла дахьара аьлла "Правовая инициатива" адамийн бакъонашларйон юкъаралле дехар дина Нохчийчуьрчу яхархочо, хаам бо Кавказ.Реалии сайто.

Болчу хаамца, цуьнан йоI Малика (сурта тIехь) яйна 2016-чу шеран ГIадужу-баттахь. Прокуратуре дехар дина а хилла цу зудчо шен йоI йолу меттиг лохуш гIо де шена аьлла. Амма и дехар жоп доцуш дисина.

Нанас дийцарехь, цуьнан йоI марера цIаеана хилла, майрчо шена масийттоза йиттича. Амма берех цаяла юхайирзина хилла иза.

"Правовая инициативан" адвокаташ къасто дагахь бу Маликас шена йиттина аьлла а, цуьнан нанас иза йолу меттиг лаха аьлла а низамаш лардечу органашка бинчу латкъамех хIун хилла бохург.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG