ТIекхочийла долу линкаш

Венедиктов: Немцовна кхерамаш тийсира «кадыровхоша»


Венедиктов Алексей.

«Эхо Москвы» радион коьртачу редакторо Венедиктов Алексейс къамел дина Немцов вер хьокъехь Москох гонан суьдехь хоттучу девнехь. Немцовн доьзалан адвокато Прохоров Вадима кхеторехь, Венедиктов вара Борис Ефимовичца тIаьххьара къамел динчерах.

Венедиктовс дийцарехь, 2015-чу шарахь Чиллан-беттан 27-чу дийнахь Немцовс цуьнга элира «кадыровхоша» шена кхерамаш тийсина аьлла.

«Цо соьга билггал нохчаша ца элира «кадыровхоша» элира», - даладо Венедиктовн дешнаш «Медиазоно».

2015-чу шеран Чиллан-беттан 27-чохь Москох, Кремлна гена доццуш вийра Немцов Борис.

Кхел йолаелла 2016-чу шеран ГIадужу-баттахь. Бехкебечийн гIентахь ву пхи стаг – Дадаев Заур, ГубашевгIар – Шадид а, Анзор а, Эскерханов Тамерлан, Бахаев Хьамзат.

Талламчийн версица, зулам дайтинарг а, дан кечамбинарг а ву «Къилбаседане» батальонехь гIуллакхдеш хилла Мухадинов Руслан.

XS
SM
MD
LG