Human Rights Watch дуьненаюкъарчу адамийн бакъонашларъечу вовшахтохаралло тIечIагIдина Нохчийчуьрчу полицино кху шеран бIаьста ламастан гендеран башхалла хийцинчу нахана эшам а бина, хьийза а бина, сийсаз а бина аьлла.
Бакъонашларъярхошна хетарехь, республикерчу ницкъаллин структурин Iалашо хилла нохчийн юкъараллана товш боцу нах махкара дIабахийтар. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Human Rights Watch-о леррина кечдинчу дIахаийтарехь.
Дерриг а документ ду 29 агIонах лаьтташ. Иза зорбане даьккхина тахана, Стигалкъекъа-беттан 26-чу дийнахь.
Бакъонашларъярхойн дIахаийтарехь билгалдоккхуш ду, гарехь, ЛГБТ-н юкъараллан декъашхой хьийзош коьрта дакъалоцург Нохчийн Республикан парламентан спикер Даудов Мохьмад хилла хилар.