ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемалойх дIакхета ойла хиларна Нохчийчохь набахте хьажийна кхо стаг


ТIехьа-Мартанан кIоштан суьдо къастийна, Шема а вахана, тIемалойх дIакхета ойла йолуш хилла аьлла Серноводскера кхо вахархо, хаам бо «Кавказский узело». Царна таIзар деш хIоранна а луьрчу хьолашкахь даккха кхоккха шо хан тоьхна кхело.

Суьдхочо бинчу сацамца, Байсангуров ВахIид а, Витаев Сайд-ИбраьхIим а, Гадав ИсмаьIил а хилла Шема ваха кечлуш. Амма уьш лецна полицин белхахоша.

ДАIИШ тобанах дIакхеттачарна а, цаьрца уьйрашкахь хиллачарна а дуьхьал даьккхина 463 гIуллакх ду Нохчийчохь, 340 гергга стаг дуьненаюкъарчу лехамашкахь ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG