ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Президенто Трампа декъалбина бусалба нах Мархийн бутт тIекхачарца


Iамеркан президенто Трамп Доналда декъалбина берриг а бусалба нах Рамадан-бутт болабаларца.

Цунна хетарехь, марханаш кхабаро а, сагIа даккхаро а, ламазаш деш хан яккхаро а гIо до юкъаралла цхьаъ хилла дIахIоттарна. Ткъа цо гойту адамашна ницкъ барна дуьхьал латта оьшуш хилар, машар хIотто гIертар оьшуш хилар, халчу хьелашкахь бохкучу, я тIеман конфликташкахь балахьоьгучу нахана гIо дан оьшуш хилар.

Шен дIахьедарехь Iамеркан президенто дагадаийтина кху деношкахь официалан визитаца СаIудийн пачхьалкхе вахча ша 50 сов бусалба пачхьалкхан куьйгалхочуьнца цхьаьнакхетта хилар.

Цу цхьаьнакхетаран декъашхоша билгадаьккхира шаьш кийча хилар, цхьаьна болх бан дуьнентIехь деха халкъаш кхиийтарехь а, машар а, кхерамазалла а хIоттош а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG