ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен ненан майра вийна Росгвардин эскархочо Нохчийчохь


Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пенсионер ву вийнарг. Цунна герз диттина цуьнан зудчун кIанта Соьлж-ГIалахь шен хIусамехь, хаам "Кавказский узело".

Лулахоша дийцарехь, иза хилла Стигалкъекъа-беттан 26-чу дийнахь. Стаг верна шеко йолуш лаьцнарг ву кхелхинчу стеган хIусамненан кхечу стагана вина кIант - Росгвардин эскархо. Тешаш дийцарехь, ша лацале цо чевнаш йина шен нанас винчу вешина.

Полицин векалша цкъачунна комментари йина яц хилларг бахьана долуш, яздо "Кавказский узело".

В

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG