ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даудовс тIецадуьту ЛГБТ олучу нахана ша ницкъбина бохург


Нохчий Республикан парламентан спикеро Даудов Мохьмада дIахьедина, ЛГБТ олу нах хьийзош ша дакъалаьцна бохург бакъдац аьлла.

Human Rights Watch дуьненаюкъарчу адамийн бакъонашларъечу вовшахтохаралло шен талламехь тIечIагIдинера кху деношкахь Нохчийчуьрчу полицино кху шеран бIаьста ламастан гендеран башхалла хийцинчу нахана эшам а бина, хьийза а бина, сийсаз а бина аьлла. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Human Rights Watch-о леррина кечдинчу дIахаийтарехь.

Дерриг а документ ду 29 агIонах лаьтташ. Иза зорбане даьккхина Стигалкъекъа-беттан 26-чу дийнах. Цу дIахаийтарехь билгалдоккхуш ду, гарехь, ЛГБТ-н юкъараллан декъашхой хьийзош коьрта дакъалоцург Нохчийн Республикан парламентан спикер Даудов Мохьмад хилла хилар.

Бохкабелла "адамийн бакъонаш" ларйеш ду шаьш боху нах бу суна тIеязда гIерташ, ас тхо долчех цкъа а ца хиллачу нахана ницкъбина бохург. Царна хаийта лаьа шена ша цкъа а гIийлачу нахана тIе куьгдаьхна цахилар, суна уьш мел цабезнехь а, яздина Даудовс Instagram-ехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG