ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчоьнан Орцаллан министраллан белхахоша Соьлж-ГIалахь стаг кIелхьараваьккхина Соьлжа хица йолчу цхьана жимачу гIайри тIера. Цу министраллан зорбан сервисо бинчу хаамца, орцанхошка хаам кхьачна цхьа стаг Соьлжина чувоьжна аьлла. Бердайисте ваьлча ларамаза когшершина хичу воьжна хилла иза.

Амма хино дIахьош волчу цуьнан аьтто баьлла неканца цхьана жимачу гIайри тIевала. Цу тIера орца доьхуш мохь бетта волавелла иза. И орца цунна кхача а кхаьчча.

Орцаллан министраллан белахоша хинкеманца къелхьараваькххина, лоьрашка дIавелла и 50 шаре ваьлла Соьлж-ГIалара вахархо.

Карарчу нехахь, лоьраша дийцарехь, цуьнан могашаллина кхераме хIумма а дац, хаам бо Орцаллан министраллан зорбанан сервисо.

XS
SM
MD
LG