ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Удмуртин губернатор Iийна Соловьев бехкево кхаьънаш эцарна


Удмуртехь губернатор Iийначу Соловьев Александра даредина даржехь волуш ша кхаьънаш эцна хиларх. Амма талламчаша хьехадечу 140 миллион соме кхочуш эцна бац ша уьш, чIагIдо цо, адвокаташна тIе а тевжаш, «Коммерсанто» дийцарехь.

Удмуртин куьйгалхо ша лаьттачу 2014-2016-чу шерашкахь Соловьевс лаккхарчу барамашкахь кхаьънаш баьхна шайн махкарчу хишна тIехула тIеш дечу а, кхечу цхьана коммерцин хьукматера а, чIагIдо Талламан комитето. Карарчу хенахь лаьцна, левеш ву губернатор лаьттинарг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG