ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францехь Гав-де-По хино хьочуьра бер хьаладаьккхина шина нохчийн кIанта


По гIалахь веха Усманов Адам а, Дукаев Беслан а хилла чIирий леца вахана. Шайна хино хьош бер хааделла царна. Цхьаъ иза хьаладаккха хичу иккхина, вукхо полице а, лоьрашка а телефон тоьхна.

17.44 кхаьчна Iедале зIе, амма деана орца 18.30. Оцу юкъанна шина нохчочо, дог меттадалош гIо а дина, лечуьра къелхьараваьккхина 5 шо долу кIант.

Хийистехь ловзуш чудахана хилла бер. Дас-нанас лоьхучу меттигал дуккха а юьстахчу меттигехь карийна иза Адамний, Бесланний.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG