ТIекхочийла долу линкаш

Францин президента Макрон Эммануэла Оьрсийчоьнан куьйгалхочуьнца Путин Владимирца дийцарш дирзича еллачу пресс-конференцехь хаамбина шаьшшиннан барт хилла Оьрсийчуьрчу бакъоларъярхошкара а, Нохчийчуьрчу ЛГБТ-тобанашкара а хьелаш юкъахь зен, аьлла.

«Путина тешийра со, Нохчийчохь гейш хьийзабарца йоьзна ситуаци листа», бохура Макрона.

Ткъа ша журналисташка динчу къамелехь Путина ца хьахийра и тема, амма довзийтира дуьненан проблемех а, шина пачхьалкхан юкъаметтигех а шаьш динчу къамелан маьIна. «Оха президентца хьахийра дуьненан проблемаш, хьаьвсира муха го уьш луьсту некъ», элира Путина.

Кхаа сахьтехь гергга лаьттиpа шина лидеран къамел. Йийцарейиpа Шемара а, Украинера a ситуацеш, иштта, лехира Оьрсийчоьнан а, Европан Бертан а юкъеметтигаш чIагIъен некъаш.

КIира хьалха даьржира Путин Париже воьдуш хиларх лаьцна. Визит тIехьажийна ю Петр I Франце визитца вахана 300 шо кхачарна, бохура прессехь.

XS
SM
MD
LG